ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра "къепе йохон гIортарна" Британи бехкейина Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Махкара "къепе йохон гIортарна" Британи бехкейина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, пачхьалкхо "оцу гIуллакхана бIеннашкахь миллионаш долларш дойу" аьлла, тIе а тухуш. Шен къамелехь цо ишта хьахийна цхьана "масонан организацийн омранаш" а. Шен чIагIдаршна тоьшаллаш ца далийна Оьрсийчоьнан регионан куьйгалхочо, хIун бахьана долуш долйина къамел ду а – хууш дац.

Ма-дарра дийцича, "коллекттиван Малхбузена" бехкаш дохкучу Кремлан нарратив йу Кадыровс лелориг. Нохчийчоьнан урхалхочо чIагIдо, "республика талхон" хьийза ингалсан пачхьалкх.

Хьалхо Оьрсийчоьнан регионан куьйгалхочо масийттаза къамел дира Малхбузен пачхьалкхашна кхерамаш туьйсуш – и нисделира Украинан тIеман гIо латтадо бохуш, дуьйцучу йуккъехула, иштта бахьана хIоьттира Кадыровна а, цуьнан доьзална а дуьхьал санкцеш йахарца а.

2023-чу шарахь цо дIахьедира, Европан къайлаха сервисаш шена дуьхьал "Украинан гIоьнца теракташ кечдеш йу" аьлла. Президентан харжамаш герга кхочуш а иштта цхьа а бух боцуш бехкаш дехкира Кадыровс "коллективан Малхбузена" цара "питанаш кечдеш ду" аьлла.

Американ Цхьанатоьхначу Штатийн санкцеш шен доьзална тIера йохург украинхойн йийсархой ша хуьйцур бу аьлла хьехнера Кадыров Рамзана дечкен-баттахь. Санкцеш дуьхьалйаьхнера цунна, Украинерчу тIамехь цо дакъалацарна а, Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешарна а. "Адамаш духкуш" ву аьлла, милитаристийн блогерша бехкаш дехкича, шен дIахьедар "троллинг" йара элира Кадыровс, амма Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу политологаша билгалдаьккхира: йуьхьанца цо баккъал а дина къамел дара и, и бохург хIун ду, Оьрсийчоьнан элитана дуьхьал йаьхна Малхбузен санкцеш билггал болх беш йу.

  • 2022-чу шеран гIадужу-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло санкцеш дуьхьал йехира Кадыров Рамзанна а, цуьнан хIусамнанна Меднина а, Хазуева Фатимина а, иза шолгIа зуда лоруш йу. Ишта кхоалгIа зуда лоручу Ахмадова Амнатна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьIаршна, вице-премьер йолчу Iайшатана а, Хадижатана а, Табарикна а, шичина Ибрагимов Турпал-Iелина а. Цул совнах санкцеш кхайкхийра "Фирдаус" модин цIенна а, и диллинарг йу Кадырова Iайшат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG