ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Адаман керла дарж, Цакаев Алиханан 300 эскархо а. КIиранан жамIаш


Кадыров Адам, Журавель Никита, Кадыров Рамзан
Кадыров Адам, Журавель Никита, Кадыров Рамзан

Кадыров Адам –"спецназан университетан" куратор ву, Цакаевна аьлла керла дакъа вовшахтоьхна Соьлжа-ГIалахь, кIиранчохь шолгIа тоба тIамтIе хьажорах дIакхайкхийна Кадыровс – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 61-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Кадыров Адам - куратор

Украинерчу тIаме бахийта йоллу Оьрсийчуьра лаамхой олурш кечбечу Гуьмсера Оьрсийчоьнан спезназан университетан куратор хIоттийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен 16-шо долу кIант Адам. ХIун декхарш кхочушдийр ду кхиазхочо – хууш дац. Цхьахйолчу версица, Адам рогIера дарже хIотторца могушалла эшна вогIучу Кадыров Рамзанан метта хIоттон кандидат ву лоьхуш, бохучу хабарна тIера терго дIайаккха хьийза.

Хьалхо Кадыров Адамна мехкан урхалхочун кхерамзаллин декъан хьаькаман дарж делира, иштта Оьрсийчоьнан тIеман министраллин шейх Мансуран цIарахчу батальонан куратор а хIоттийра иза. Цул совнах, кхиазхо "Нохчийчоьнан турпалхо" ву, цунна йелла ГIезалойчоьнна а, Кхарачой-Чергазийчоьнна а, ГIебарта-Балкхаройчоьнна а гIуллаккхаш дарна орденаш, "Къоман дозалла" нохчийн орден а, кхин а динан "Умматан хьалха декхарш кхочушдарна" а, I-чу бараман "Ислам динан гIуллакх дарна" орденаш а йелла цунна, "Оьрсийчоьнан спезназан университетан гIуллакх дарна" I-чу бараман мидал а.

Оццул лакхарчу хьелашка ваьккхира Кадыров Рамзанан кхиазхо волу кIант, стохка аьхка талламан изоялтор чохь КъорIан дагийна аьлла, лаьцна латточу Журавель Никитина йиттича. Лаьцначунна тIелатарх жоьпе ца озийра йа Нохчийчоьнан урхалхо а, йа цуьнан воI а.

Цакаевна тIеман дакъа делла

Республикера Оьрсийчоьнан МЧС-н урхаллин куьйгалхо Цакаев Алихан лацарна тIехула дов иккхинчул тIаьхьа оцу министраллина йукъа а догIуш дакъа кхоьллина. Ву цу йукъахь 300 эскархо. ЧIагIдо, Оьрсийчоьнан спецназан университет олучу базехь кечамашкахула уьш чекхбевлла бу бохуш.

Охан-беттан 28-чохь пачхьалкхан "Грозный-информ" агенталло хаамбира, Цакаевс шен куьгакIелара эскархойн дакъа дIахIотторах – "цунна "Ахмат" цIе а йелла бохура. Оппозицин 1АДАТ боламо йаржийначу видео тIехь Нохчийчуьра МЧС-н куьйгалхочуьнга маршалла хотту герзашца болчу масех иттанашкахь эскархоша. Мича Iалашонца керла дакъа вовшахтоьхна ду, билгалдаьккхина дац.

Охан-беттан 22-чохь Соьлжа-ГIалара кхеташо йирзинчул тIаьхьа дуьххьара дийца даьккхира, республикера орцанхой тIеман гIуллакхна йукъаийзор бу аьлла. Кхеташо хIоттийнера "регионо лерринчу тIеман операцихь дакъалацаран хеттаршна" лерина ("СВО – Оьрсийчоьнан Iедалхоша ишта олу Украинерчу тIамах.-Редакцин билгалдаккхар"). Кхеташонехь дакъалецира Кадыров Рамзана, цунна уллохь хиъна вара Цакаев а.

И кхеташо дIайаьхьнера, Кадыровс Цакаев лацар бакъдина диъ де даьллачу хенахь. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин хаамашца, лаккхара даржхо тIелеттера охан-беттан 14-чохь "Герзелан тIай" олучу постехь. ТIечIагIбазчу хаамашца, Цакаев къаьркъа мелла хилла, иза Дагестанера полисхойн карара ваьккхинера нохчийн ницкъахоша.

МЧС-н урхаллин куьйгалхо лаьцначул тIаьхьа Кадыровс дIахьедира и "питана" ду аьлла. ХIетте а, Цакаевн хьокъехь таллам бира, жамIаш Талламан комитете дIа а кхачийра. Муха вевзаш ву Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца цхьана дешна хилла лаккхара даржхо, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх доьллург хилар, мел тешийла ду, йаздира Маршо Радио сайто.

Цакаев Алихан – Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца цхьана классехь дешна хилла ву, ницкъаллин структурашкахь йолийна цо шен карьера 2003-чу шарахь, 2019-гIа шо кхаччалц "Ахмат-Грозный" ОМОН-н командир вара иза. И дакъа бехкедора нах лечкъорна а, адамашна тIехь къизаллаш лелорна а, волайнхоша шаьш дийцарехь, цхьацца гIело хьоьгуьйтучу меттигашкахь дакъалаьцна ву Цакаев ша а.

Украине хьовсийна эскархой - кхаа дийнахь шолгIа

Гуьмсера Оьрсийчоьнан спецназ олучу университетехь кечбинчу йолахойн керла тоба Украинана дуьхьал тIом бан хьажорах дIахаийтина Кадыров Рамзана. Доьдучу кIиранах хIара шолгIа хаам бу Нохчийчоьнан урхалхочо бинарг – хьалхо цо дIакхайкхийра эскархойн керла тоба хьажорах кIиранах цкъа, йа шозза.

"Ахмат" спецназера бу тIамтIе хьовсийнарш, аьлла ду Кадыровн телеграм-каналера постехь.

Куьйгалхочо билгал ца даьккхина маса стаг ву тобана йукъахь, иштта уьш муьлш бу а – хьалхо бакъонашларйархоша хаамбира бертаза меттигера бахархой тIаме хьийсорах а, Нохчийчоьнан Iедалан политикана резабоцчарна дуьхьал репрессеш лелон гIирсех санна мобилизацих пайдаэцарх.

ТIемаш бечу зоне йолахойн тобанаш хьийсорах Кадыровс хаамбира оршотан дийнахь а. Цул хьалха оцу кепара чулацам болу публикацеш наггахь бен гучу ца йуьйлура цуьнан телеграм-каналехь – цо йаздира цунах лаьцна охан-беттан 17-чохь, 2-чохь, зазадокху-беттан 20-чохь, I3-чохь, 5-чохь, чиллан-беттан 20-чохь, иштта кхин дIа а. ТIаьхьий-хьалхий ши тоба тIамтIе йахийтаран бахьанаш ца дийцира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Оршотан дийнахь Кадыровс Гуьмсера дешаран базин куратор хIоттийра шен 16 шо долу кIант Адам.

Нохчийчуьра цхьана тIеман декъана йукъахь бертаза тIаме вахийтина хиллачо дийцира Маршо Радион редакцига, цхьана а кепара бина кечам боцуш, шаьш цига дIахьийсорах.

Охан-бутт бовш мехкан Iедалхоша дIахьедира, Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийначу тIаме Нохчийчуьра 42 эзар стаг, бу царлахь 17 эзар "лаамхой" олурш а, аьлча а, Гуьмсехь Iамийна, "Ахматан" декъах дIатоьхнарш. И зераш талла аьтто бац. Кавказ.Реалиин редакцина хууш ду Украинехь веллачу Нохчийчуьра 269 стагах лаьцна. Официалехь дIахьединчул а масийттаза сов ду и терахь.

Лачкъийначу йоьIан доттагI лейина Соьлжа-ГIалахь

Йийна хила тарло аьлла айдинчу гIуллакхехула Соьлжа-ГIалахь хеттарш дина латкъамхо иза хиларе терра кадырохвоша лачкъийначу нохчийн 26 шо долчу Сулейманова Седин доттагIчуьнга Патяева Лене. Талламхочун хеттаршна жоьпаш делла цо, ишта полиграф тIехь талламбайтар хьехна цунна, хаамбина кризисан "СК SOS" тобано.

Патяева Нохчийчу кхаьчнера охан-беттан 26-чохь, шен адвокатца цхьана Талламан комитетехь хилира иза, йаздо "СК SOS" тобано. "Сайх мел доьзнарг аса дина талламана гIо дархьама. Суна баккъал а хаа лаьа сайн доттагIчун кхолламах дерг таллийта, оцу гIуллакхана лерина тIейогIучу заманчохь а сайн ницкъ берг дийр долуш йу", - аьлла Патяевас.

Цо дийцарехь, талламхочо оцу процессан массо а декъашхочунна хьехна "харцонан детектор" олучу гIирсаца талламбайтар, ишта Седин гергарчарна а цхьаьна. Амма муьлххачу стеган а бакъо йу цунна дуьхьал хила цхьа а а тIаьхьало а йоцуш.

Седин гергарчаьрга хеттарш диний а, полиграф тIехь зераш дайта реза хиллий а, хууш дац.

Стохка марсхьокху-баттахь, цуьнан герарчара кехаташ чуделла, Сулейманова Седа нохчийн ницкъахоша Санкт-Петербургера лачкъийна Нохчийчу дIайигира. Хьалхо йоI йеддера цIера, бертаза маре йала хьийзорна. Цуьнан доьзало массара а лелош йолчу кепах пайдаийцира: цара бехкейира Сулейманова къола дарна, йоI хеттарш дан цIа йигина шаьш элира.

ЙоI лачкъийна йигина ахшо даьллачу хенахь бехкзуламан гIуллакх долийна адам деран артиклехула, гIуллакх долийра Патяеван дIахьедарца. Волайнхо йу аьлла оцу гIуллакхехь билгалйаьккхина Седин нана, ницкъахошка цхьана а тайпа дIахьедар чуделла а йоцу, хаамбора "SK SOS" тобано.

Нохчийн мехкарех забар йинчуьнга гечдар дехийтина

Питерера стендап-комикан Нидаль Абу ГIазален концерт йирзинчул тIаьхьа цхьахволчу хьажархочуьнга гечдар дехийтина нохчийн мехкарех йинчу забарна тIехула. Цунах лаьцна видео зорбанехь йаржийна Iедалхошкахьа йолчу "ЧП Грозный 95" телеграм-канало. Мила ву ролик йаьккхинарг – хууш дац, хьалхо, масала, каналехь зорбане бохура Кадыров Рамзанан а, кхечу Iедалхойн а тIедахкарх хаамаш.

Концерт йоьдучу хенахь и дIахьош волчо цхьана хьажархочуьнга хотту, Керла шо хьайн йезар уллохь а йоцуш, муха даздиар ахь олий. Ша "кхечаьрца дIакхоьхьуш вара" олу хьажархочо, цул тIаьхьа тIетуху "нохчийн зудабераш дара уьш". Вела а воьлуш, хьажархочо элира, ша лууш вацара цаьрца хан такха, амма бертаза "цаьрца хан йаккхийтира" шега аьлла.

Цул тIаьхьа пабликехь гечдар доьхуш дIайазйина видео хIоттийра, цу тIехь изза хьажархо машенчохь ву, цуьнга хоьтту цхьаммо, "иштта забар йан коьрте хIунда деара хьуна".

"Ойла ца йеш" аьлла дешнаш дара уьш олу видео тIехь стага, гечдар доьху цо "доллу нохчийн къоме", шен цкъа а гина дац "нохчийн зудабераш йукъахь долуш ишта меттигаш" олу цо. Маца, муха дIайазйина видео – хууш дац.

Нидаль Абу ГIазален социалан машанашкахь хаам зорбане боккхучу хенахь хиллачу инцидентах лаьцна бина хаам бац.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

XS
SM
MD
LG